ТIекхочийла долу линкаш

Мехкадаьтта дайдаларо ницкъ бина Оьрсийчоьнан экономикана


ХIора шарахь 140 миллиард доллар доцуш юьсуш ю Оьрсийчоь санкцеш кхайкхийна хиларна а, мехкадаьттан мах охьабаларна аьлла хаам бина Оьрсийчоьнан финансийн министро Силуанов Антона. Москох финансийн академехь хиллачу форумехь вист хуьлуш, цо билгалдаьккхира шайн эконимикана Iаткъам беш ши хIума ду аьлла – мехкадаьттан мехаш охьадовлар а, геополитикан хьал а.

Цуьнца цхьаьна, Силуановс дийцарехь, мехкадаьттан мехаш охьадовларо малхбузерчу пачхьалкхаша кхайкхийначу санкцеш бинчул а алсам Iаткъам бина Оьрсийчоьнан экономикана.

Мехкадаьтта дайлуш ду кху тIаьхьарчу масийтта баттахь. Мангал-баьттахь дуьйна мехкадаьтта дайделла 30 процент хиллал. И бахьана долуш ОПЕК олучу мехкадьатта духкучу пачхьалкхийн организацега иза даккхар лахдахьара аьлла дехар дан дагахь ю Оьрсийчоь. ОПЕК-ан саммит хила езаш ю кху кIиранах Венехь.

А

XS
SM
MD
LG