ТIекхочийла долу линкаш

Iамеркин тIеман министран дарж дитина ХIейгел Чака


Iамеркин Цхьаьнатоьхначу Штатаийн тIеман министран дарж дитина ХIейгел Чака. Цунах лаьцна хаам бина Нью-Йорк таймс газето, Iамеркан администрацерчу хьостана тIе а тевжуш. Бинчу хаамца, Iамеркин президенто Обама Барака тIечагIдина ХIейгела ша даржера мукъа вита аьлла дина дехар.

ХIейгел Чак сенатор вара Республикан партин декъашхо а волуш. Иза тIеман министр хIоттийнера 2013 шо долалуш. ХIейгела шен дарж дитар доьзна хила мега кху деношкахь сенате хиллачу харажмийн жамIашца.

XS
SM
MD
LG