ТIекхочийла долу линкаш

Дукхах болу оьрсий лууш бац шайн эскарш Украинина чудахийта


Украинина шайн эскарш чугIортарна дуьхьал бу 58 процент Оьрсийчоьнан бахархой. Иштта жамIаш ду Левада-центро бинчу талламан. Оьрсийчоьно шен эскарш Украинин Малхбале хьажо деза аьлла хеташ бу 23 процент оьрсий. Кхин а 20 процент респонденташ бисина цу хаттарна дала жоп а доцуш. Талламехь дакъалаьцначу кхаа декъана хетарехь, Украино ша дIайерзо еза шен территорина тIехь йолу конфликт.

ХIора кхолагIа ву Оьрсийчоьно Донбассера «халкъан» олуш йолу пачхьалкхаш къобулъян еза аьлла хеташ. 12 процентана хета иза дан мегар дац аьлла. Украинера хьал хьокъехь цу тIаьххьара бинчу талламо гайтина оьрсий мелла а реза боцуш хилар шайн Iедалша луларчу пачхьалкхехь лелош долчунна. Иштта алсамбевлла Украинин къилба-малхбалехь цIий Iенаш хиларна жоьпаллехь ю Оьрсийчоь аьлла хеташ болу нах.

XS
SM
MD
LG