ТIекхочийла долу линкаш

ГIоьртина хьал лаьтта Iамеркерчу Фергюсонехь


ГIоьртина хьал лаьтташ ду Iамеркерчу Фергюсон гIалахь. Шинарин буса цигахь хилла ондда къепедацарш. Оршотан дийнахь бехккъасторхоша дIахьедар дира, шаьш жоьпе а ца озош вита сацам бина Iаьржа аматахь волу кхиазхо вийна кIайн аматахь волу полисхо аьлла.

И бохам хиллера кху шара Марсхьокху-баттахь. И бахьана долуш дуьхьалонан акцешка арабевллера меттигера бахархой.

Бехккъасторхоша бинчу сацамна реза боцучу наха цIераш тийсина гIишлонашна, ягийна полицин машенаш, йохийна туьканаш, царна чура хIуманаш а лечкъош.

Хьалхо Iамеркан президенто Обама Барака кхайкхам бира бехккъасторхойн вердиктана реза боцучу нахе, шайна хетарг машаран кепашца гайтахьара, цхьанне а ницкъ а ца беш аьлла.

XS
SM
MD
LG