ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийн эскархоша Дагестанехь Временнехь дина зе дагардеш ю Iедалша кхоьллина тоба


Дагестанехь эскархоша дина зе дагардан леррина комисси яхана Временный олучу эвла. Гезгмашин-баттахь леррина операци дIахьош 1000 сов вахархо дIаваханера цу эвлара.

Царна хилла зе билгалдаккха комисси кхоьллинера Iедалша Шинарин дийнахь, цигарчу бахархоша Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире а, Дагестанан куьйгалхочуьнга Абдулатипов Рамазане а латкъам беш кехаташ дахьийтинчул тIаьхьа.

Меттигерчу бахархоша чIагIдарехь, оьрсийн эскарша го а бина, божарий луьттуш, хIусамаш йохош хIуманаш лилийна Временный эвлахь. Эскарша цигахь дIакъевлинера цхьаъ бен йоцу лоьрийн хIусам а, школа а.

XS
SM
MD
LG