ТIекхочийла долу линкаш

Къоман гварди дIатарйина Фергюсонехь


ШолагIа де ду гIоьртина хьал лаьтташ долу Iамеркерчу Миссури штатера Фергюсон гIалахь. Цигахь дIатарвина ву 2000 сов къоман гвардин эскархо. Оршотан дийнахь бехккъасторхоша жоьпе а ца озош вита сацам бира 18 шо долу афроIамеркахо вийна полисхо. И бохам хиллера кху шара Марсхьокху-баттахь. И бахьана долуш дуьхьалонан акцешка арабевллера меттигера бахархой.
Бехккъасторхоша бинчу сацамна реза боцучу наха, полицин машен а ягош, къепедацарш лелийна цу Фергюсонехь Шинарийн дийнахь. Iамеркан президенто Обама Барака кхайкхам бина цу гIаларчу бахархошка, низам лоруш сатухуш хила аьлла. Iамеркан инарлин прокуроро ХIолдер Эрика дIахьедар дина, хилларг толлуш таллам дIахьура бу шаьш аьлла.
XS
SM
MD
LG