ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Закъалтхой маьршабаьхна Iамеркин эскархоша Йеменехь


Сауди Iаьрбин пачхьалкхан дозанна мелла а гена йолчу меттехь Аль-Кайдин декъашхой дIатарбеллачу меттиге рейд йина Iамеркин а, Йеменан лерринчу тобанийн эскархоша. Цара маьрша ваьккхина 8 закъалтхо. Цунах лаьцна хаам бина Йеменан Iедалша. И хаам Associated Press агенталлана тIечIагIбина Iамеркин Iедалан векло а.

Оццу меттехь латтош хилла кхин а кхечу пачхьалкхара 5 закъалтхо, шайна юкъахь Iамеркахо а, британхо а волуш, кхечу метте дехьаваьккхина хилла зуламхоша, операци дIаяхьале ши-кхо де хьалха. Закъалтхой маьрша бохуш вийна 7 террорхо. Закъалтана лецна нах латтош хилла хьехахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG