ТIекхочийла долу линкаш

Кхел юхахилийта реза вац Миссури штатан губернатор


Миссури штатан губернаторо тIе ца битина Фергюсон гIалахь 18 шо долу Браун Майкл вер толлуш керла бехккъасторхойн кхел кхоллар. Хьалхо бехккъасторхоша сацам бира Браунна герз тоьхна полисхо жоьпе озо бахьана дац аьлла.

Цул тIаьхьа дуьхьалонан акцешка арабевлла цу гIалара дуккха а бахархой. Цара къепедацарш лелийна гIалахь, полицин машен а ягош.

XS
SM
MD
LG