ТIекхочийла долу линкаш

Юха а Украинин прьемьер-министр хIоттийна Яценюк Арсений


Украинин премьер-министр хIоттийна юха а Яценюк Арсений. Цу хьокъехь долчу кехатана тIе куьг таIийна президенто Порошенко Петрос. Украинин Лаккхарчу Радан гIантда хаьржина Гройсман Владимир.

Лаккхарчу Радо коалици кхоьллина, пхеа фракцех лаьтташ йолу. Цу юкъахь ю Порошенко Петрон Блок а, Халкъан Фронт а, «Самопомич» тоба а, Ляшко Олеган Радикалан парти а, ткъа иштта "Батькившина" а.

Карарчу хенахь коалицина юкъахь ву 302 депутат. Верриг а керлачу Лаккхарчу Радан хьалхарчу кхеташонехь дакъалоцуш ву 418 депутат.

XS
SM
MD
LG