ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кабулехь пхи стаг вийна Британин дипломатийн машен эккхийтина


Лахарра а 5 стаг вийна, 30 сов чевнаш хилла ву Еарин дийнахь Кабулехь Британин векалаллан машен эккхийтар бахьана долуш. Байинчарна юкъахь ву Британин махкахо а. Цунах лаьцна хаам бина ОвхIанистанан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло.

Британин арахьарчу гIуллакхийн министралло бинчу хаамца, чевнаш хилла ву векалаллин масийтта белхахо. Полицино дийцарехь, дипломатийн машенна тIетоьхна эккхийта кечйина хилла Iожалхочо урхалла дон машен. Иза шаьш дина аьлла дIахьедар дина меттигерчу тIалибаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG