ТIекхочийла долу линкаш

Террорхошца уьйраш хила мега аьлла 13 стаг лаьцна Австрехь


Австрин полицино лаьцна бусулба 13 стаг. Царна бехке дуьллуш ду къона европахойшна юкъахь Исламан пачхьалкх олучу тобанах дIа а кхетий тIом бан Шема гIо бохуш агитаци яр. Шеко йолу нах лоцуш операцехь дакъалоцуш вара 500 полисхо.
Полицин белхахоша талламаш бина Венехь а, Линцехь а, Грацехь а йолчу петарш чохь. Эххаре а левинарг вара 16 стаг. Царах 13 лаьцна. Уьш террорахошца уьйраш йолуш хилла аьлла хета Iедалшна.
XS
SM
MD
LG