ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчу вахана Римера Папа


Римера Папа Франциск кхаьчна визитаца Хонкара. Иза цуьнан хьалхара визит ю Туркойн махка. Хаамин гIирсаш дийцарехь, Папин коьрта Iалашо ю бусулба нахаца диалог дIанисъяр а, Туркойчура кезиг болчу керста нахана гIортор яр а. Шен визитан хьалхара де Франциска доккхур ду туркойн коьртачу гIалахь. Цигахь иза цхьаьнакхета дагахь ву президентаца ЭрдохIан Реджепаца.
Шоьтан дийнахь Папа гIур ву Истанбулерчу Сийлахь йолчу Софиян килс олучу музей а, Стигалбасахь олучу маьждиге а, ткъа иштта Туркойн Республика кхоьллинчу Кемаль Мустафан зиярте а. Римера Папа Франциск иштта цхьаьнакхетар ву патриархаца Варфоломей Хьалхарчуьнца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG