ТIекхочийла долу линкаш

Пхийтта стаг лаьцна Фергюсонехь


Iамеркехь Миссури штатехь Сент-Луис олучу гIалах хоттаелла йолчу Фергюсонехь ПIераскана дийнахь полицино лаьцна дуьхьалонан акцехь дакъалоцуш волу 15 стаг. Демонстранташ доьхург ду 18 шо долу афроIамеркахо вийна полисхо жоьпе озор. Сент-Луисан полицин департаменто бинчу хаамца, Iедалша дехар дина хилла гулбеллачаьрга некъа тIера дIасадовла аьлла.

Амма цхьаболчара тергал ца дина и дехар. И бахьана долуш лийцина бу и нах. Цхьаболчу хаамашца, царах цхьанна бехке дуьллуш ду полицин белхалочунна тIелатар дар. Амма коьртачу декъана дуьхьалонан акце арабевлла нах ладугIуш хилла Iедалан векалшка. Верриг а демонстрацехь дакъалоцуш хилла 100 гергга стаг.

XS
SM
MD
LG