ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маьждигехь Далла Iамал йина Туркойчохь визитаца волчу Римера Папас


Туркойчохь визитаца волу Римера Папа Франциск хилла Шоьтан дийнахь Туркойн махкахь уггаре а даккхийчех лоруш долу Султанахмет олучу маьждигехь - иза доьвзаш ду Стигалбесан маьждиг аларца. Цигахь Папас Далла Iамал йира Истанбулан муфтийца Яран Рахмица цхьаьна. Оццу дийнахь Франциск хилира Сий долу Софиян килс олучу музейхь.

Цу гIишлонан 15 бIе шо истори ю. Цкъа дуьххьара иза православин килс хилла. Цул тIаьхьа цунах маьждиг дина хилла. Ткъа карарчу хенахь иза музей ю. Римера Папа Туркойчу вахаран коьрта Iалашо ю бусулба нахаца диалог дIанисъяр а, цу махкахь кезиг болчу керста нахана гIортор яр а. Шен визитан хьалхарчу дийнахь Франциск цхьаьнакхийтира туркойн президентаца ЭрдохIан Реджепаца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG