ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мубарак бехказваьккхина Мисаран кхело


Мисаран кхело Шоьтан дийнахь бехказваьккхина цу мехкан президент хилла волу Мубарак Хьосни 2011-чу шарахь демонтстранташ байарна. Цу тайппа бехк биллар юхадаьккхина кхин а Мубаракан Iедалехь лаккхарчу даржашкахь хиллачу 7 стаганна а. Цул сов Мубарак Хьосни хьалхавитина коррупци лелийна а аьлла цуьнга кховдийначу бехках.

Делахь а Мисаран хилла президент набахтехь вуьсуш ву. Иза кхо шо хан токхуш ву кхечу гIуллакхехула коррупци лелийна аьлла бехке варна. 86 шо долчу Мубарака тIе ца дуьту шена дохкуш долу бехкаш. 2012-чу шарахь Мубарак Хьосни чувоьллира велла дIаваллалц аьлла хан а тоьхна. Амма 2013-чу шарахь Дечкен-баттахь аппеляцин кхело юхабаьккхира и сацам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG