ТIекхочийла долу линкаш

Евроберто керла санкцеш кхайкхийна Украинерчу сепаратисташна


«Донецкан а, Луганскан а халкъан республикаш» олучу тобанийн 5 организацина 13 даржхочунна а дуьхьал санкцеш кхайкхийна Европан Берто. Цуьнан бахьана ду уьш Украинин суверенитетана а, иза йоцуш йоцуш пачхьалкх хиларна а дуьхьал бевлла хилар. Шоьтан дийнахь Евробертан Официалан журналана тIехь зорбане яьхна цу организацийн а, нехан а цIераш. Цу юкъахь бу Донецкера а, Луганскера а депутаташ а, министрш а.
Царна дихкина ду Евробертан территори тIе бовла, ткъа церан Европерчу банкашкахь йолу чоьташ дIакъовлуш ю. Евроберто Оьрсийчоьнан бахархошна а, Украинин малхбалера сепаратисташна а дуьхьал санкцеш кхайкхо йолийна кху шеран бIаьста Оьрсийчоьно ГIирма дIалаьцначул тIаьхьа а, Донбассехь тIом болийначул тIаьхьа а. Iаьржачу цIерийн йозана юкъахь ву 132 стаг. Ткъа санкцеш кхайкхийначу компанийн терахь ду 28.
XS
SM
MD
LG