ТIекхочийла долу линкаш

Молдова а гIерта Европана герга


Молдовехь кIирандийнахь хиллачу парламентан харжамийн жамIаша гойту, мохк Европан Бертана герга хила лууш хилар – алссамха кхаьжнаш кхаьчна Европехьа йолчу партешна. Делахь а, буьззина толам а баьккхина, ша-шеггара парламент кхолла таро яц цхьана а партин - коалици кхолла дезар ду церан.

Ах гергга кхаьжнаш баьхна Европехьа йолчу кхаа партино. Уьш ю Либералан-Демократин а, Демократин а, Либералийн а партеш. Оьрсийчоьнехьа йолчу социалистийн а, коммунистийн а партешкахьа бу, юкъахь лерича, 40 процент харжамхой. Бакъду, ца бахана харжамашка эханнал сов бахархой.

Кхушара Молдован Iедало ЕвроБертаца ассоциаци кхоьллира, оцо магадо молдовахошна Европе визанаш а йоцуш лела. Амма оцу махкахь тIех яьржина лела коррупци, аьлла хета Европан лидершна.

Ткъа Оьрсийчоьно сацийна Молдовера кхача эцар. Оцо боккха эшам а бина Кишинёвна.

XS
SM
MD
LG