ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОвхIанистанехь лелхийтарш дина юха а


ОвхIанистанерчу БагIлан-провинцехь меттигерчу динан лидерех цхьаъ дIаволла гулбеллачу нахана юкъа а вахана, иккхина цхьа стаг. Шеца дIадаьхьна цо исс стеган дахар, лазийна ткъеха вахархо. Беллачаралахь ву ши полисхо а. ТIаьххьарчу кIиранашкахь Кабулехь масситтаза нисделла тIемалойн тIелатарш, герзаш диттина цхьана гуманитаран организацин хIусамана а. ОвхIанистанера Iамеркан эскарш арадовла денош бен ца дисинехь а, лахлуш яц тIалибийн жигаралла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG