ТIекхочийла долу линкаш

ЭрдогIан - Путин: политиках а, газах а


Хонкарахь, Туркойчоьнан лидерца ЭрдохIан Тайипца дийцаршка вала вахана Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир. Визит йолош иза хилира Туркойчохь шен заманахь хийцамаш болийначу Ататюрк Мустафан коша тIехь.

Путинан арахьарчу политикан хьехамча волчу Ушаков Юрийс хаам барехь, шина президентан къамелаш хир ду Шемарчу а, Украинерчу а кризисийн хьокъехь.

Путин Шемарчу режиман куьйгалхочуьнца Асад Башарца гергарлонехь ву, Туркойчоьнан президент ЭрдогIан Асадна дуьхьал велахь а. Туркойчоь реза яц Кремло Украинера дIа а яьккхина ГIирма шен долаерзорна а. Цундела олийла дац ши президент цхьана даггара ву.

Кризисаш хьехорал совнаха, йийцарехь хир ю экономика а – туркошна оьшу Оьрсийчоьно ша цунна юхку газ сов а йоккхуш, мехалахь яйъяр.

XS
SM
MD
LG