ТIекхочийла долу линкаш

Массара а балхабо нохчашкара бала, ...ткъа церан шайн-м яц леткъа бакъо а


Нохчийчоь -- Оьрсийн эскарша мохк дIалаьцначу муьрехь, Соьлж-ГIала, 1996-чу шеран Iа.

Нохчийчоь -- Оьрсийн эскарша мохк дIалаьцначу муьрехь, Соьлж-ГIала, 1996-чу шеран Iа.

Нохчийчохь Кремло тIемаш болийна 20 шо кхочуш хилар дийцаре до дуьненан девзаш долчу газеташа а, журналаша а. Конференци дIаяьхьна Москох оппозицино а. Ткъа ша Нохчийчоь маьрша яц и тайпа теманаш хьеян а, дагалецамашка йийла а. Цигахь ца хеддаш лоьцу кхетам Iедалан идеологица йогIуш боцу нах.

Нохчийчохь дина тIеман зуламаш карладохуш, хIаваакеманаша а, беркеманаша а маьршачу нахана тIейиттинчу бомбанийн, ракетийн жамI-тало тидам-тергоне оьцуьйтуш, «Яблоко» партино цхьаьнатоьхна конференци дIаехьна кху деношкахь Москвахь.

Цигахь къамелаш динчу политикаша а, адамийн бакъонашларьярхоша а тоьшалла дарца: « Нохчийчуьра тIом: политикан гIалаташ а, тIеман зуламаш а» цIе йолу гулам дIабехьна кхузахь шолгIа тIом болийна 15 шо кхачарна а, хьалхара тIеман кампани йолийна 20 шо кхачарна а тIедоьгIна.

Цу дагалецамечу цхьаьнакхетарехь, цхьаммо а ца хадочу кепара,Iедалехь болчара-м хьала а охьа а, Нохчийчуьрчу хиламийн мах хадош, дош аьлла «Яблоко» партин куьйгалхочо Митрохин Сергейс. « Вайн Iедалша шалхонашца бехкебо Украинан Iедалдай, амма 20 а, 15 а шераш хьалха изза хьал къобалдора Оьрсийчохь.

«ТIом болабелча, юкъараллин дог-ойла а, хьажам –хетарг а цхьа уьйригах тера гуллой дIахIутту. Нагахь цхьаммо а 20 шо хьалхалера тIеман зуламаш дага ца дахкийтахь, гIалаташ Iама гIертара вац цхьа а». Ишта дIахьедар дина Митрохин Сергейс цу гуламехь. Цо а, Явлинский Григорис а, кхечара а билгалдаккхарца, Нохчийчохь хиллачу тIеман хиламех тера детталуш сурт ду тахана Украинехь гуш дерг а.

Масала, Нохчийчуьрчу тIамах Явлинскийс аьлла: «ТIеман бух-дIахIоттам ишта бара «ницкъ соьгахь бу, хьо- гIийла ву, ахь ас боххург дийр ду». Бехк-гуьнахь а доцу нах бойуш, адамийн бакъонаш чот-хьесапе ца оьцуш, болийначу тIеман принцип ишта яра боху Явлинский Григорис: « Меттиг-латтанаш тхан ду, ткъа адамаш дац».

Хууш ма-хиллара, кхузахь маьрша дац, и тайпа гуламаш барра-м стенна дуьйцу, махкарчу хьолах хьайна хетарг олуш пхьоьханахь дош ала а. И бохург дац бахархоша шайлахь тергалло хьал дийцаре ца до. До, амма шайн цIе йоккхийла а ца лууш. Иштачех ву, ша мила мичара а ву а ца дуьйцуш, Муса аьлла цIе а яьккхина ша вовзийтина соьлжагIалара тергамхо а.

«Яблоко» партино, Нохчийчуьрчу хиламех тера беттало боху Украинера хиламаш, -элира Мусас . –И бохург хIун ду? И дера ду кхузахь а, цигахь а сценаристаш, маьрша дахар тIекIалтухуш берш цаIаш бу бохург». Цунна хетарехь , Оьрсийчохь урхалла деш, Путинан Владимиран Iедал мел ду, ирделла лаьтта хьал мал а лур дац, ладегIам дIа а адамашна садоIийла а ер яц.»

Путин а. Медведев а хийца а луш, Iедалехь лаьтта мел хан ю? -хеттаре вуьйлура соьлжагIалара тергамхо Муса кхин дIа а. - Европан а, кхечу а пачхьалкхашна иттех шо тоьу мел галдаьлла экономикан а, политикан а хьал лартIа дало а, шайн бахархошна чу садаийта а.

Ткъа Оьрсийчуьра хьал тодаларан метта кхин тIе лачдолуш ду. Цундела деза коьртехь болчарна тIеман хьу йолу кегаделла хьал. Адам ир-кара ца хIоттийта долийна Украинах коржамаш яхар а,- боху Мусас. Цунна гергахь, наггахь тIе чIишалг –хIума а кхуссуш, сийсаш латточу алонах тера, дIа ца боьрзуьйтуш Iуналлехь латтош бу махкара тIеман хьу йолу хиламаш а.

Соьца къамел динчу соьлжагIалахочунна Мусана а, цхьамогIа кхечу бахархошна а хетарехь, гуш чаккхе а йоцуш, дIагIур долуш кхузахь мацах цкъа хIара даьлла хилла кхуьнгара бохуш нах лецарш а, юкъ-кара лелхийтарш дар а, герзан къайленаш караяр а…

ТIеман барзакъца, кхачанан сурсаташца а тIемалойн аьтто бина аьлла бехк а кховдийна, Цекиев Мохьмад цIе йолу вахархо лаьцна Серноводск юьртара.

Полисхойн урхалло гIардаккхарйца лаьцнарг кIоштан администарацин белхо ву. Ши шо хьалха цо гIаттамхошна гIодар муха хиъна, муха нисделла Iорадоккхуш дац. Хууш ма-хиллара, дукха масалш ду буса хIусамашка а лесташ, тIеман барзакъ дуьйхинчу наха, кхерамаш а туьссуш, хIусамдайн бертаза, юург-мерг биста кхаччалц, шайна мел оьшург дIаехьна. Бакъду, и гIуллакх нахала даьлча, низамхоша бехк тIебожош, чоьте ца оьцу, герзах боттабелла чубаьхкинчарна хьалха хIусамда гIорасиз хилар.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министараллин хьостано хааме даккхарца Соьлжа гIалин Старопромысал кIоштехь карийна чохь масех гарнат а,эзар гергга патарма а болуш, герзан къайле. Талламхошна хетарехь цуьнан дола динарг хилла ГIадужу-беттан 18 –чу дийнахь, лаца хьовзийча герзаца дуьхьало яр бахьнехь вийна Алисханов Аслан. ХIеттахь Iедалдайша Iорадаккхина ма –хиллара, пхи низамхо а вуьйш, Соьлжа гIалахь эккхийтар нисдинарг а Алисханов Аслан хилла. Iедалан хаамийн гIирсаша дуьйцург тIеэцар доцург юкъараллина кхин харжам бан а бац....

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG