ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Атлантикан тIеман альянсо бехкейо Оьрсийчоь


Атлантикан тIеман альянсан (НАТО-н) декъашхоша а, Украино а бехкбиллина Оьрсийчоьнна цо «шегара ларам а болуш, Украинан малхбалехь хьал эшорна а», Зазадоккху-баттахь ГIирма Украинера дIа а яьккхина, цига ницкъаш дIаозарна а.

Брюсселерчу цхьаьнакхетарехь и дIахьединарш бу альянсехь йолчу 28 пачхьалкхан а, Украинан а арахьарчу гIуллакхийн министраш. «Иштта, тхо саготта ду Оьрсийчоь Iаьржачу хIорда тIехь потенциал кхин а дебон лерина хиларна а», - боху документа тIехь.

ТIеман альянсо ша саготта юйла хаийтина Кремло Украинера хьал, дуьненаюкъара низам а талхош, эшаме хьош а, цо Донбассерчу сепаратисташна массо тайпа деза герзаш кхачош а хиларна.

Оьрсийчоьно даре ца 4300 стаг а вуьйш, Украинан малхбалехь иккхинчу кризисах ша доладеш хилар, амма Киев а, НАТО а тешна ю Кремло шегахьа болчу сепаратисташна гIо латтош хиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG