ТIекхочийла долу линкаш

ОвхIанистанан доттагIийн конференцехь


Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн ОвхIанистанерчу а, Пакистанерчу а лерринчу векала Фельдман Даниэла Брюсселехь шинарийдийнахь хиллачу ОвхIанистанан накъостийн конференцехь дакъалоцуш дIахьедина, ОвхIанистанна дуьнено дечу гIоьнан барамаш цо шена чуьрчу коррупцина дуьхаьло латторах а, адамийн бакъонаш ларъярх а бозуш хир бу аьлла.

Маршо Радиога Фельдмана, шаьш догдоху, элира, ОвхIанистанан керлачу куьйгалхоша и гIулчаш яхаре. Шайн махкана гIодечу пачхьалкхийн векалшца вовшахкхета веза кху деношкахь Лондонехь ОвхIанистанан президент ГIани Ашраф а, премьер-министр Iабдулла Iабдулла а.

XS
SM
MD
LG