ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европе газан биргIа йигар дуьту Оьрсийчоьно


Оршоьтан буса, Туркойчоьнан куьйгалхочуьнца ЭрдогIан Тайипца цхьана пресс-конференци луш, оьрсийн президента Путин Владимира дIахьедина, шаьш сацабо Туркойчу а, Европе а газ кхачош биргIа йиллархьама болийна белхаш, аьлла.

Еврокомиссин позицино некъ ца буьту и проект кхочушъян, цу тIе Болгарино бакъо ца елла шен лаьттатIехула биргIа чекхъяккха, ткъа и ца хилча, Iаьржа хIордатIе кхача а лур яц иза, бохура Путина. «Къилбера гара» («Южный поток») олуш йолу газан биргIа Европе кхачон кечлуш, Оьрсийчоьно тIаьххьарчу кхаа шарахь йина 4 миллиард ах миллиар долларал сов харж.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG