ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Царнаев ЖовхIаран кхелехь


Деношкахь Iамеркарчу Бостонан федералан кхеле Царнаев ЖовхIаран адвокаташа дехна цуьнан дов листар Iамеркан кхечу гIала дехьадаккхар. И тайпа дехар Товбеца-баттахь а динера Царнаевн агIоно, амма суьдо жоп доцуш дитинера.

Адвокаташна хетарехь, Царнаевна тIехь ен кхел нийсонца яц, хIунда аьлча, Бостонехь марафон дIахьочу хенахь бомбанаш лелхийтарна бехкевечу Царнаев ЖовхIаре луьра цабезам бу меттигерчу бахархойн а, Iедалан а.

Цундела довлистар бакъонца дац, аьлла хета Царнаевн адвокаташна. Нохчочунна тIебаьхьна 30 бехк, амма цо царех цхьа а тIе ца лоцу. Царнаев ЖовхIаран кхел йолаелла шо ду. Цкъачунна хууш дац иза маца чекхъер ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG