ТIекхочийла долу линкаш

НавальныйгIар набахте кхачо гIерта прокурораш


Москох гIалин кхело низамехь лору «Ив Роше» компанин долара ахча лачкъорна бехкевен оппозицин политик Навальный Алексей лаьцна, цIера ара ца волуьйтуш кхабар. Цунах лаьцна хаам бо оппозиционеран прес-секретара Ярмыш Кира.

Вежарий НавальныйгIар - Алексей а, Олег а - бехкебо «Ив Роше» компанин 30 миллион сом лачкъорна. Царна кхайкхо тарло итт шарна набахти. Делахь а, «Ив Рошен» финансийн директоро Мельник Кристиана дIахьедина, шайн цхьа а претензеш яц НавальныйгIаьрга, аьлла. Вежарийн накъосташа а, адвокаташа а уьш кхеле ийзор политикан бух болуш лору.

XS
SM
MD
LG