ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лаьттах доьллина герз карийна Теркйистехь


Кху деношкахь Нохчийчуьрчу Теркайистехь полицина карийна лаьттах доьллина боккхачу барамехь герз. Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло бечу хаамашца, къайладаьхьначу герзан долахо ву тIемало хилла волу Ахматов Руслан.

Иза а, цуьнца цхьаьна кхин кхо тIемало а ГIадужу-баттахь ницкъаллин структураша Соьлжан кIоштахь лерина операци дIахьош вийра. ХIаллакбинчийн цIераш цу дийннехь йовзийтира, уьш бу 21 шо долу Хьалха-Мартанара Ханамагомадов Iимран, Соьлжа –ГIалара Шишбулатов СаIид, Соьлжан къоштара Эснукаев Рамзан.

Иштта, цу деношкахь Серноводскехь лаьцна меттигера вахархо, Махаури Бислана куьйгалла дечу гIаттамхойн тобанна гIо-накъосталла дар бехке а деш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG