ТIекхочийла долу линкаш

Мехаш стенна деста дика кхета нохчий


Оьрсийчоь --Красноярскера вастхIотторхо Слонов Василий ву ша цоьстачу соьмех, долларех Путин Владимиран сурт кхуллуш.

Оьрсийчоь --Красноярскера вастхIотторхо Слонов Василий ву ша цоьстачу соьмех, долларех Путин Владимиран сурт кхуллуш.

Кхушара масситтаза хьаладевлла Оьрсийчохь кхачанаш, бедарийн, ягочун мехаш. Бахьана, Кремлан векалша дайдеш дийцахь а, дика кхетадо бахархоша: шайн Iалашонашка кхочуш ю дуьнено Оьрсийчоьнна духьалъяьхна санкцеш. ШолгIа бахьана а итта дика кхетадо наха - дуьненан биржашкахь мехкдаьттан мах байбалар.

Бераша мехех: «Хьалха жима тIоьрмиг чохь духкуш хиллачу хIушах 5 сом доьхура, хIинца туьма доьху. Пхи сом тIетоьхна. «Лидер» цIе йолуш даккхий хIуш ду. Царех пхийтта сом мах бу. СегIазан мах а тIетоьхна. Пхи сом мах хиллачу чупсех хIинца ворхI сом доьху»

Дистхиллачу бераша тоьшалла ма-дарра, ур-атталла царна а тергамза дуьсуш дац, Iодара девлча санна, лакхадуьйлу мехаш. ГIаларчу а, ярташкарчу а бахархоша шаьш билгал ма- даккхара, Iедало тIе ца тухуш, гIорийча санна латтош пенсеш а, алапаш а, пособеш а. Нехан таронашка хьаьжжа а доцуш, хIора кIирнах аьлча харц хир доцуш, ирахъоьхуш ду Iер-дахарехь мел оьшучу массо а хIуманийн мехаш.

Дукхахболчу бахархоша и дузу Украина бахьнехь Евраберто а, кхечу пачхьалкхаша а Оьрсийчоьнна дозанаш деттарца доьзна, доллар даз а луш, дайлуш лаьттачу Оьрсийчоьнан соьмаца. Де дийне мел дели шайн буьмаьштигна «хьокха» кхетар цхьатерра халонга долуш ду гIаларчу а, юьртарчу а бахархошна. Соьлжа гIалара Идрисова Яхимат ю тIебетталуш лаьттачу мехех дуьйцуш.

Яхимат: "Шуьрашна пхи сом а, туьма а тIетоьхна. Наха-стенна дузу аьлчи и мехаш лакхабийлар, доллар хьаладаьлла цундела тIебетталуш бу мехаш олу-кх. Къемата шайн цуьнца гIуллакх дацахь а, доллар олий цуьнан коча боьлху-кх".

Iедалан балхахь вацахь а, шен долахь трактор йолуш, юьртахойн хьашт-дезарш кхочуш деш, къахьоьгуш ву Новр кIоштера 40 шо долу Солтамурд. Цо, шен доьзал хене баккха йолах бан а ца беш болх бан а бац - кертара нехаш-кхаьллеш дIа а хьо, хи а дохьу, эшахь латта а оху, ча-докъар цIа а кхачайо… И ву дуьйцуш лакхадуьйлучу мехех.

Солтамурд: "КIира,ши кIира хьалха демана мах 650 сом бара тIоьрмигах,ткъа хIинца 800 сом доьху. Жуьйрийн тIоьрмигах I30 сом доьхура хIинца 170 доьху. 35 мах хиллачу дуганан мах тахна 55 соьме ирахбахна. Солярка-м, цара гIарччIа аьлла чIагIбелла 25 сом доьху литарх.

Пенсеш а, алапаш а тIе ца тоьхна, кхидолчу хIуманан мехаш а десташ ду. Шайна санкцеш бахьнехь мел хуьлу зен меттахIотто ца гIертахь суна-м ца хаьа, нах хьийза-м бо".

Десташ лаьттачу мехийн хьокъехь, йохка-эцарца бозуш боцчу наха дуьйцург ша ду. Стагана вахарехь хьашт мел долу хIума схьа а дохьуш, дIадухкуш болчу туьканан долахошна хIун хета? Цара муха кхетабо, совсийта биллина бод санна, бутт батте а балале десташ лаьтта мехаш?

Шена зеделлачух, цу а, кхечу а хеттаршна жоьпаш лоьхуш ю гIеххьа йоккхачу туьканан долахо, Шелковск кIоштера , шен цIе Абазуева Асет яьккхина йохкархо.

Асет: «Схьалуш тIекхетта алапаш а дац, амма мехаш лакхадуьйлуш ду. Массо хIума а язлуш ю. Гречка,хьажахь,хIинццалц 35 соьмах духкуш дара оха ,ткъа хIинца схьадохьуш болчара доьху-кх тхоьгара 55 сом.

Шекар а, кампет а, пиченеш а, Iаж, хох, копаст а, тIеяхьаш йолу кIалд а, шура а массо хIума а даздина. Ой,хIоьаш, хьажахь, ас деа туьмнех доьхкинчу хIоэх, итттанна тIе ши туьма тоьхна-кх. Ца хаьа суна-м, хIун дан деза. ЛаьттатIехула вола а ма ло боху, ахча ца лахь. И ду-кх тхоьгахь дерг».

ДIасахьажа а ларавалале лакхадуьйлучу мехех дийца лаам берш дукха бара, бакъду церан массеран а бохург санна сагатдийриг цхьаъ дара – маца, мича дозане кхаьчча совцур ду, стигал хьалаоьхучу, Iер-дахарехь ца торчу хIуманийн мехаш? Цкъачунна и хаттар, дукхахболчара нийса а кхетош, буса бодашка кхоьссина топ ю.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG