ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин Владимир: ГIирма Украинана юхалойла дац


Путин Владимира бехкейо Малхбале Оьрсийчоьнца юкъаметтигаш луьра а, цаяшарца а лелорна. Оьрсийчоь цкъа а цхьанне а пачхьалкхана хьалха охьатаьIар яц, бохура цо ша шарахь цкъа халкъе дечу къамелехь еарийдийнахь. Цо баркалла бохура Оьрсийчоьнан бахархошна, «пачхьалкхана муьтIахьалла гайтарна а, кхиина, цхьа къам дуйла гайтарна».

Iамерко а, ЕвроБерто а ГIирма шен лаамехь долаерзорна а, Украинерчу сепаратисташна тIекарло ярна а духьалъяьхначу санкцийн Iалашо яра Оьрсийчоь дакъазаяккха, амма цара, мелхо а, мехкан экономика чIагIйина, элира Путина. Цо бахарехь, ГIирма Оьрсийчоьнна, израилхошна а, бусулбанашна а Иерусалим санна, беза мохк бу, иза Украинана юхалойла дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG