ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоь агрессор лору Киевехь


Украинан арахьарчу гIуллакхийн министра Климкин Павела еарийдийнахь емалйина оьрсийн агресси. Оьрсийчоьно бохабо Минскехь тIом сацош бина барт, кийтарлонех эбина тIом бу Оьрсийчоьно Украинаца беш, бохура цо Швейцарерчу Базелехь Европан кхерамзаллехула а, цхьанаболхбарехула а йолчу организацин кхеташонехь.

"Донбассехь лаьттарг Украинан кризис яц, я Европан кризис а яц, цунах Оьрсийчоьнан агресси ала догIу", - бохура Климкина.

Донецкерчу аэропортана гонаха хIинца а лаьтта тIематасадаларш, массех де хьалха цигахь тIемаш бар дуьту аьлла барт бинехь а.

XS
SM
MD
LG