ТIекхочийла долу линкаш

Велла оьрси карийна Зорбан ЦIачохь


Cоьлжа-ГIалахь даьгначу Зорбанан ЦIийнан херцаршлахь карийна маьршачу вахархочун дакъа. И ву «Къоначу бизнесхойн ассоциацин» куьйгалхо Воробьев Владислав. Кхочучу хаамца, яьллачу цIеран кIуьралахь садукъделла велла иза.

Тергамчашна хетарехь, херцаршна бухахь кхин а нах хила тарло, хIунда аьлча, ГIура-беттан 3-чу дийнахь Соьлжа-ГIалахь дIахьош яра Воробьевс куьйгалла дечу юкъаралло кхеташо.

Ткъа хадархой гIаттамхоша, шаьш гIишло дIалаьцча, маьршша дIабахийтина хилла Зорбан ЦIийнера.

XS
SM
MD
LG