ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьно низамаш лардахь, йигийта тарло цуьнга Европе шен газан биргIа


Еврокомиссин Коьртачу энергетика хаам бина Маршо Радионе, Оьрсийчоьнан газ Европе кхачош керла биргIа «Къилба Аса» хIоттор кхидIа а дахдойла ду, нагахь санна Москох Европаца и болх бертахь бан реза хилахь, аьлла. Шен интервьюхь пIераскандийнахь Шефчович Мароша бохура, Оьрсийчоьно Iаьржа хIорда бухахула дIахьош йолу и биргIа йина йоккхур ю, дуьненан низамашца и пачхьалкх лелахь.

Кху беттан хьалхарчу дийнахь Туркойчу вахана волуш дIахьедира президента Путин Владимира, Оьрсийчоьно биргIа яр сацадо, Болгарино кхидIа болх бан новкъарло еш хиларна, аьлла. Ткъа новкъарло йийриг ду, Европан коьртачу энергетико Шефчовича бахарехь, «Газпромо» дуьненан йохк-эцаран а, энергетиках долу а низамаш талхош хилар.

XS
SM
MD
LG