ТIекхочийла долу линкаш

ХIун Iалашо хилла Соьлж-ГIалахь тIом бинчу гIаттамхойн?


Нохчийчоь --Соьлж-ГIалахь, гIаттамхой бохош, Iедалан ницкъаша тIе герзаш диттина школа, 5ГIу2014

Нохчийчоь --Соьлж-ГIалахь, гIаттамхой бохош, Iедалан ницкъаша тIе герзаш диттина школа, 5ГIу2014

Соьлж-ГIала а баьхкина, цигахь массех некъан полисхо а вийна, Зорбан цIийнехь а, 20-чу школехь а хьулъелла, тIом бинчу гIаттамхойн тобан хIун Iалашо хилла? ТIемалоша, шаьш бахккал шайн дуьхьалончийн бена богIуш хилча, цхьа а тактика стенна ца гайтина, деккъа дIа бала баьхкина хилла-те уьш?...

Соьлж-ГIалахь массех гIишло а ягош, цу чувеъна итт гIаттамхо итт полисхочун са а хьош, ткъе иттех лаза а веш, кхалхар дийцаре даьккхина Оьрсийчохь хьовха, Малхбузенехь а, Малхбаленехь а.

Масала, Украинерчу парламентан декъашхочо Мосейчук Игора дIахьедира, Оьрсийчоьно геноцидан политика ю нохчаша дIаяхъеш, цо шен махкахой къиза бойъу, уьш маршонехьа гIертарна, нохчийн гIаттамхой Украинан уьйранчаш бу, аьлла.

Царна сихха жоп делла Кремлан коьртачу дипломата Лавров Сергейс, ша Швейцарерчу Базелехь вистхуьлуш. Цо Соьлж-ГIалахь эгнарш могIарера зуламхой а бу, Украинерчу политикаша нохчийн тIемалойн агIолацар маьттаза хIума а ду, аьлла.

Цхьаболчу Украинерчу тергамхоша Нохчийчохь хилларг мехкан администратора Кадыров Рамзана хIоттийна спектакль яра, боху. Деношкахь, цара бахарехь, Донбассехь байина Оьрсийчоьнан тоьллачу тIеман дакъошкара а, лерринчу ницкъашкара а алссам декъашхой, шайлахь кавказхой а болуш. Ткъа Кадыровс Соьлж-ГIала цхьамма йоккхуш санна сурт хIоттийна, Донбассехь Оьрсийчоьнан тоьлла бIаьхой байар IиндагIе даккхархьама, боху цара.

Кавказан а, бусулба динан а эксперт ша лоручу Москохарчу азербайджанхочо Джемал Гейдара Соьлж-ГIалахь тIом оьккхуьйтург гIаттамхошна цхьамма, масала, Киево, мах белча санна туьду, амма иза хуьлийла дац Iамерка, боху цо «Московский комсомолец» газетехь. Джемална хетарехь, лаа дац тIелатар Путина ерриг пачхьалкхерчу халкъаца къамел дечу дийнахь дар.

Изза верси ю хиллачух Москох къона дипломаташ кхиочу МГИМО институтехь тIеман политика толлучу Iилманчин Александров Михаилан а. Путина къамел дечу муьрехь талхо бохкура нохчийн тIемалой Оьрсийчуьра хьал, боху цо а.

Ткъа Кадыров Рамзана дийцарехь, кху беттан 12-чу дийнахь хIутту Оьрсийчоьнан конституцин де кегон дагахь хилла Соьлж-ГIаличу баьхкина гIаттамхой.

Массерачул кIорга а , шуьйра а фантази йолуш политик ша вуйла гайтина амма Нохчийчоьнан парламентан спикера Абдурахманов Дукхвахас. Иза тешна ву Соьлж-ГIала тIемалой кхачийнарг Атлантикан альянсерий, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийнний къайлах ницкъаш хиларх.

И дерриг а дитина, ладогIа догIу юха а, хIун боху Соьлж-ГIаларчу Зорбан цIийнах а, 20-чу школах а шаьш долар стенна ду Интернетехь яьржинчу видеохь къамел дечо. И видео гIаттамхоша йина хилар шеконехь делахь а.

Къамел динарг вац ала дац Соьлж-ГIаличохь тIом биначех, Кадыров Рамзана шена дуьхьаллаьттачарех цхьаьнца дина аьлла Ю-тубехь яьржинчу видеога хьажча.

Цунах ша ала догIу. Кадыров Рамзана телефонехула шен мостагIчуьнца дина къамел даьржийла дац я цуьнан гонерчу цхьаммо а даржадойла дац, цо иза магош дацахь. Гуш ду иза цуьнан пурбанца дIаяздинийла а, махкарчу публиканна лерина даржинийла а..

Соьлж-ГIалахь хиллачух жамI деш, къастамбан хала ду. Стенна, хIун Iалашо йолуш чубаьхкина хилла гIаттамхой? Церан ду бохучу аьзнашка ладоьгIча, Кадыровс Iедало бусулбанаш, аьлча а, дин шайна ма-гарра лелон гIерта мажош лелаен кегий нах а, хьиджабашкахь лела мехкарий а хьийзош хилар ца лайна, беккъа дIа бекхам а бина, бала баьхкина нисло уьш.

ТIаккха хаттар хIоттало ларамза: стенна яц гIаттамхойн, цхьана декъанна аьлча, нохчийн гIаттамхойн, я тактика а, я стратеги а, кхачийна-те хьалха Оьрсийчоьнан эскаршца тIемаш боьлхучу хенахь, Iалашонаш кIоргга а хIиттош, уьш кхочушъян шайн ницкъаш арабохуш хилла баьччанаш?

Деккъа дIа, шайца шаьш мунафикъаш олучу Кадыров Рамзанан гонерчу нехан синош а хьош, балар бен ца дисина-те гIаттамхойн?

Хьалха халкъана кхетош хуьлура шаьш бечу тIемашкахь шайн Iалашонаш гIаттамхоша, хIинца дац гуш дехьара-сехьара Iанийна цIий бен кхин хIумма а...

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG