«Газпром» компанин векало Куприянов Сергейс хаам бина, Украине хьажочу газах дала догIу кхо бIе кхузткъе берхIийтта миллион доллар ахча шайн чоьтатIе даьлла, аьлла. Украинан «Нафтогаз» компанин пресс-гIоьнчаллас хоуьйту, и ахча миллиард еакIов метр газах дIахьажийна хиларх.
Украине газ кхачон барт бинера ГIадужу-баттахь Брюсселехь кхаа пачхьалкхан векало. Оьрсийчоьнера газ эца реза хилла Киев 2015-чу шеран Зазадоккху-бутт баллалц, кхо бIе дезткъе пхийтта доллар, эзар еакIов метрах а луш.
Иштта, дIатекхира Украино бахначу баттахь Оьрсийчоьнан газах стохка дуьйна шайна тIехь хиллачу декхаран дакъа.