ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шайн журналист верах лаьцна дахьедар дина Обамас


Йеменехь ша лаьцна, закъалтIехь кхаьбна Iамеркан журналист къиза верна ал-Къаида емалйина шоьтан дийнахь Цхьанатоьхначу Штатийн президента Обама Барака. Сомерс Лука вийна Iамеркахоша иза мукъавоккхуш операци дIахьочу юкъанна.

Обамас дIахьедина, ша дерриг а дийр ду дозанал арахьа болу Iамеркахой Iалашбарехь, аьлла. Хьалхо мехкан векалша хаам бинера Сомерс а, цуьнца кхечу махкара кхин цхьа стаг а верах лаьцна. Лецнарш маьршабахархьама кечйина операци дIа ца яьхьча ца йолура, церан дахар баккъал а дара кхерама кIел, элира массех де хьалха шен даржера мукъаваьллачу Штатийн тIеман министра Хейгл Чака.

Еарийдийнахь Йеменера видео яржийра ал-Къаидан тIемалоша, шаьш вуьйр ву Сомерс, нагахь санна Iамерко шаьш декхаре дуьллург кхочуш ца дахь, аьлла. Лаьцнера Сомерс Йеменан шахьарахь Санехь стохка гурахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG