ТIекхочийла долу линкаш

Конституцино доьхкучех ду Кадыровс ден дIахьедарш


Нохчийчуьра кхочучу хаамаша гайтарехь, Iедал юха а нах луьттуш ду махкахь. Соьлж-ГIалахь тIом лаьттинчул тIаьхьа даьхкинчу деношкахь полицино а, ФСБ-но а зуьйш бу урамашкахула лела бахархой, некъашца йоьлху машенаш.

Кадыров Рамзана масситтаза дIахьедина, шен режимо, конституцино бохург а ца лоьруш, махках бохур бу гIаттамхойн гергарнаш, лоьлхуьйтур ду цIеран цIенош, дерриг а дийр ду махкахь терикъатIехь доцу динан мазхьабаш ца дита, аьлла.

XS
SM
MD
LG