ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iедалера къизалла лов гIаттамхойн гергарчара


Соьлж-ГIала -- тIематасадалар лаьтташ ягийна гIишлош, 4ГIу2014
Соьлж-ГIала -- тIематасадалар лаьтташ ягийна гIишлош, 4ГIу2014

Соьлж-ГIалахь хиллачу тIематасадаларан тIахьало ю Нохчийчохь юьйцуш. Резабацарш кIадо некъ бацахь а, шаьшлахь емалдо наха Кадыров Рамзана ден дIахьедарш. Цуьнан буьйранца Iер-дахарх бохош бу гIаттамхойн гергарнаш, хIаллакйо хIусамаш. Конституцица догIуш доцу и таIзар бахахрхоша муха зуьй?

Нохчийн коьртачу шахьарахь нисделлачу тIематасадаларех а, вер-ваккхарех а, цхьа могIа гIишлош йохорах а дийцар марсадалахь бен, лахлуш дац юкъараллехь. Цу гIайгIанечу хиламийн бахархойн балакхачар лакхадаккхарехь жигаралла гойтуш бу Iедалан хаамийн гIирсаш а.

Цара Iорадаккхарца, Соьлжа-гIалахь леха а лоьхуш, полисхойн байинчу тIемалойн гергарнаш махках бахар а, церан хIусамаш дIахьакхар а дийцадаьккхина лаккхарчу тIегIанахь.

Телехьожийлехь ган йиш а йолуш гIардаьккхина кхин цхьа хIума а – нагахь цхьана билггалчу кIоштера цхьаъ гIаттамхойх дIакхета, хьуьнха водахь, мехкан куьйгалхочо цунна жоьпе беш бу кIошташкара хьаькамаш.

Цу хьокъехь Кадыров Рамзана телехьожийлехь къастам боллуш элира: «Кху махкахь хIинцачул тIаьхьа шайтIа хьуьнха дахний - кIоштан гIантда а, полисхойн хьаькам а, къеда а бехке ву. ХIунда аьлча, цхьана дийнахь кечам а бина, араволуш вац иза хьуьнха ваха. Вай цунах шайтIа хилла даллалц Iа, хьежа а хьоьжуш. Цуьнан сибат юкъадаларций, цуьнга дIаала деза, ла ца дугIий - вен веза».

Бахархоша тайп-тайпана кхетадо гIалахь тIом бинчу гIаттамхойн хьокъехь Iедалехь болучара дина дIахьедарш. Шаьш хIун аьлча бIегIийла а, нийса а хир ду ца хууш, холчахь бу цхьаберш. Мух-мухха а хIума дац Соьлжа гIалахь нисделларг. Керта вон деанчарна а, куьг бехке лоручу гергарчарна а юкъахь, Дала маслаIат дойла бохуш дуьйцура цу хьокъехь Бухадиев Юсупа.

Бухадиев: «ТIемалойн цIеранаш бара гойтуш. Балехь бара, холча хIиттина бара. Бендоцуш герзаш диттина, нуй-горгам деш йолу белхо а йийина. КIентан дола цадарна бехк бу дай-нанойн. Цо хIун леладо те, ахча мичара долу те аьлла, хьовса ма безара».

Цхьаболучара, тIемалошка нийсса, бехках хьалха ца бовлуьйту церан цIеранаш а. Хьаннашкахула шайн кIентий леха а лоьхуш, цIабало ца гIиртинехь, пхьоьгIанахь, маьждигехь, тхан царна дан хIума дац шуна, уьш тхан доллара бевлла шуна, бохуш, кхайкха ца бинехь, тIемалойн гергарнаш бехках хьалха ца буьтучех ву Санбиев Авалу. Иза тешна ву цIерачара шайн берийн дола дан а деза, цаьргара даьллачунна жоп дала а деза аьлла.

Санбиев: «Суна чIогIа нийса ца хетта цара динарг. Тхан юьртара цара вийна ши кIант лур вацара дуьне делча а. Кхин хета йиш йоцуш, новкъа а хетта, кхин ала йиш йоцуш наьIалт а аьлла-кх царна..»

Бен-бен хьажамаш берш кIезиг бацахь а, хаъал дукха бу тIемалойн гергарчарна тIеIаткъамбар бехк боцу харцо кхийдор санна туьдурш. Цхьана дас, нанас къобалдийр дац тахана кIантана, герз кара а эцна, Iедална дуьхьалвалар. Хьунчу воьдург ден-ненан, йиш-вешин лаамера а ваьлла воьдуш ву. Ишта ойла кхобу соьлжагIалахочо Iаднана.

Iаднан: «Цара динарг нийса дац-кх дера. Массарна а зулам дина цара – нахана а, махкана а. ЮьхьIаьржа а хIиттина уьш. Кхин тIе царна таIзар а дича, суна и нийса ца хета».

Масийтта шо хьалха тIамехь ваша дIакхелхина Невран кIоштерчу Маликин. Цунна гергахь, хьал ца хуучунна атта а хеталуш, чолхе хIума ду, цхьа чIагIо а йина, араваьлларг юхаверзо. Малика ю дуьйцуш.

Малика: « Шена тIе ца Iоттаделларг, шен сих-цIийх хьакхалуш доцург атта хета. Сан нана лелла сан вешина тIахьаяьлла 3-4 шарахь. ТIе а кхаьчнера масситтаза а, амма цIа-м ца веанера. Гергарчийн хIун бехк бу? Къамелаш а дина. ГIалгIайн махкахь вийра сан ваша. Сан ненан къа мича даха деза? Тiаьхьауьддушехь, кIант вийна Iаш йолу иза тIе махках а яккха еза. Хьенан низамца догIуш ду иза?»

...Бахархойн сама а бохуш, царна хетарг, церан дог-ойла цхьа самсайоккхуш санна, тIеIаткъамбина лаккхарчу тIегIанехь тIемалойн а, церан цIеранаш а хьокъехь динчу дIахьедаро. Цуьнга терра, ойла янза, челакха хIума лору дукхахболучара гIаттамхойх дIабеттало кегийрхой бахьанехь хьаькамаша а, Iеламнаха а гергарнаш жоьпалле ийзабар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG