ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчоьне Кремлца гергарло цалеладар доьху Евроберто


Оршотдийнахь Европан Бертан арахьарчу политикан урхаллан куьйгалхо Могерини Федерика Хонкарахь Туркойчоьнан куьйгалхошца цхьаьнакхийтира «Исламан Пачхьалкх» олучу ницкъашна дуьхьалояр дийцаре дан а, Малхбузено Оьрсийчоьнна кхайкхийначу санкцешна туркошка дуьхьало цаяр деха а йолчу Iалашонца.

Туркойчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министрца Чавушоглу Мевлютца къамел деш Могеринис а, ЕвроБертан кхиболчу куьйгалхоша а кхойкхура Туркойчоь шен лаьтта тIехула «Исламан Пачхьалкхера» джихIадхой ца лелийтаре. Могерини Федерика а, цуьнца цхьаьна Евробарт шорбарехула а, гуманитаран гIоьнан а комиссараш болу Хан ЙохIаннес а, Стилианиди Христос а къамелашкахь хилира туркойн президентца ЭрдохIан Тайипца а, премьер-министрца Давутоглу Ахьмадца а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG