ТIекхочийла долу линкаш

Киево сатуьйсу оьрсийн газ шайна дIакхачаре


Кху баттахь газ латториг Киево авансехь 378 миллион доллар Оьрсийчоьнна дIа а делла, цо ягориг схьахецаре дог а доху шаьш аьлла шайн мехкан телевизионашкахула Украинан энергетикан министра Демчушин Владимира. Аванс шайна дIакхаьчнийла хаийтира деношкахь оьрсийн «Газпромо» а.

Яхначу аьхка сацийра Оьрсийчоьно Украине газ хьажор. Киево дIадалаза дуьсу декхар а, газан мах а бара къовсамехь. Шена ахча Украинера хьалххе дIадеза, элира хIетахь Оьрсийчоьно. Ши бутт гергга хьалха Украинерчу «Нафтагазой», «Газпромой» барт бира мехах а, ахча дIаделла 48 сахьт далале газ новкъаяккхарх а лаьцна. Iа хьалхе а, шийла а деана хиларе терра, Украинехь кхачош ю цо хьалхо Iалашйина хилла газ.

XS
SM
MD
LG