ТIекхочийла долу линкаш

Малхбузе Оьрсийчоь йохон гIерта аьлла хета Кремлна


Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думехь оршотдийнахь оьрсийн-Iамеркан юкъаметтигаш хьехош, арахьарчу гIуллакхийн министран гIовса Рябков Сергейс, Москох кийча яц Iамеркан Штаташна хьалха малъяла, Кремл хьаштийн баланс ларъян декхаре ю, элира. Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташий, ЕвроБертой ГIирма Украинера дIаяккхарна а, Донбассехь сепаратистийн болам айбарна а бехкейо Оьрсийчоь.

Амма Рябовс депутаташка бахарехь, «Iамеркан Штаташ Оьрсийчуьра хьелаш а талхийна, иза йохон гIерта». Ши кIира хьалха изза бохура Кремлан коьртачу дипломата Лавров Сергейс а.

XS
SM
MD
LG