ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь кIиранах байинарш а, лазийнарш а


Дахначу кIиранах тIеман хьелашкахь 66 стагна дараш дина Къилбаседа Кавказехь, царех 28 велла. Доккхачу декъанна белларш а, лазийнарш а бу Соьлж-ГIалахь хиллачу тIематасадаларшкара. Уьш доцуш, ГIалгIайчохь гIаттамхо лаца гIоьртича, цо чевнаш йина шина полисхочунна. Дагестанехь ницкъхоша машенна тIе герзаш диттина вийна ши стаг. Иштта вайна доьза цхьа стаг Дагестанехь. Хаам бинарг ю «Кавказан Узел» агенталла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG