ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьненехула баьржинчу шайн бахархойн кхерамзалла ларйо Штаташа


Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн махкал арахьарчу хьукматашкахь, Iамеркахоша белхаш бечу дуьнентIерачу массо а меттигашкахь кхерамзалла чIагIйина ю, хаамаш бо прессано. Иза даьржина Iамеркахойн кхерамзалла йийцаре ян пачхьалкхерчу къайлахчу сервисца Сенат цхьанакхетачу сохьташкахь.

Штатийн иччархоша йовзуьйтур ю Сенатна Европехь а, Азехь а йолчу ал-Къаидан тобанех а, лецначу церан декъашхошкара хиинчух а лаьцна къайленаш. И къайленаш ницкъ а беш яьхна ал-Къаидан векалшкара, аьлла, 2009-чу шарахь ша дарже хIоьттича, уьш лебар къайлахчу сервисе сацадайтинера президента Обама Барака.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG