ТIекхочийла долу линкаш

Амир Шишани ДжундуллахI вийна Иракъерчу Кобанехь


Иракъехь «Исламан пачхьалкх» олучу тIеман тобано мехкан эскаршца къуьйсучу Кобани гIалара кхаьчначу хаамца, цигахь вийна джихIадхойн коьртачу амирех волчу нохчочун Батирашвили Тарханан (Шишани Iумаран) куьйга кIелхьара баьчча-нохчо Шишани ДжундуллахI. Оршоьтан дийнахь вийначу 14 тIемалочуьнца иза а ву, аьлла даржийна «Исламан Пачхьалкхаца» гергарлонехь йолчу «Маршо ГIатторан тоба» олучу декъан пресс-центран куьйгалхочо Хьассан Амера.

XS
SM
MD
LG