ТIекхочийла долу линкаш

Цхьаьнатоьхначу Штатийн къайлаха сервис бехкейо


Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин адамийн бакъонашкахула а, терроризмаца латточу къийсаман тергоярехула а волчу векало Эмерсон Бена а, бакъоларъярхойн юкъараллаша а жоьпе озор доьху Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн къайлахчу сервисан хьаькамаш, цара терроризмана бехке бечу нахана тIехь къизалла латторна.

Эмерсонан урхалло хIоттийначу артикло дийцарехь, низамхоша террорна бехке бен нах лебеш, царна ницкъбаро пайда ца бохьу я бакъдерг къасторехь а, я лаьцначуьнца зIе карорехь а.

Артикло серладоху Iамеркан къайлахчу сервисо Буш Джордж президент лаьттинчу шерашкахь дина зуламаш. Уьш динарш а, дан некъ биллина президентан администрацера нах а жоьпе ийзо беза, бохура кхаарийдийнахь Эмерсон Бена.

Штаташкарчу бахархойн бакъонийн тергояран цхьаьнакхетаралло дехна пачхьалкхан Инарла прокуроре, террорна бехке бечарна гIелонаш яр талла.

XS
SM
MD
LG