ТIекхочийла долу линкаш

"Тийналлин Де" цкъачунна лардеш ду Донбассехь


ШолгIа де ду Донбассехь Украинан эскарша а, меттигерчу сепаратисташа а дуьйлучуьра герзаш совцийна. Мелла кхийсарш лелхаш лаьттина цу юкъанна, амма хилла зенаш дац я Луганскан а, я Донецкан а кIошташкахь. Пачхьалкхан эскарийн векалша арздина, дуьхьаллаьттачара дийнахь-буса 11-за талхийра тийналла герзашца, аьлла. Ткъа сепаратистийн тобанаша хаамбо, иштаниг Украинан эскаршкара 7-за даьлла бохуш.

АгIонаша машар буьйцуш телеконференци дIаяхьна кхаарийдийнахь. Хено гайтина ма-хиллара, кхо бутт хьалха Минскехь бинчу берто ца беара машар 4300 стаг а вуьйш яьржинчу конфликтехь. ПIераскандийнахь агIонийн дийцарш хила деза Оьрсийчоьнан а, Европан кхерамзаллехула, цхьанаболхбарехула йолчу юкъараллан а векалша дакъа а лоцуш.

XS
SM
MD
LG