ТIекхочийла долу линкаш

ЦIенош дагорна емалво Кадыров


Кхаарийн Iуьйранна ягийна ТIехьа-Мартанан кIоштарчу Котар-Юьртахь гIаттамхойн амиран Батюкаев Асланан доьзалан хIусам, хаам бина оцу юьртарчу бахархоша. Iедалан дайшна хетарехь, Бютукаевс кечдина хилла дахначу кIиранах Соьлж-ГIалахь хилла тIематасадалар.

Хьалхо дагийна бевзаш боцучара кхечу массех гIаттамхойн гергарчийн цIенош а. ТIемалойх оцу кепехь Iедало жоп дехар дийцаре до кху деношкахь дуьненан зорбано а, бакъоларъярхоша а. Иштта бен бекхам низамаш талхор лору цара. Оцу хьокъехь хир ю тахана Маршо Радион материалаш а.

XS
SM
MD
LG