ТIекхочийла долу линкаш

Орлов Олег: Кадыров а санна, нехан цIенош дагорна бехке ву Путин а


Оьрсийчоь --Бакъоларъяран "Мемориал" юкъараллан куьйгалхо Орлов Олег

Оьрсийчоь --Бакъоларъяран "Мемориал" юкъараллан куьйгалхо Орлов Олег

Соьлж-ГIалахь иккхина тIом а берзале, Нохчийчоьнан Iедалан дайша, шаьш тийсинчу кхерамашка хьаьжжина, дагийна, дагош а ду нехан цIенош. Иза низамехь йоцу харцо ю, дас воIах жоп ло заманаш дIаевлла, бохуш, орцанаш доху Оьрсийчохь гоьбевллачу бакъоларъярхоша.

Кху деношкахь, кар-кара оьцуш, Нохчийчохь нахалахь къайлах дуьйцуш дара ГIура-беттан тIелатаршкахь дакъалаьцначу гIаттамхойн цIенош дагош ду, боху хабар.

"Мемориал" юкъаралло шайн талламаш бинчул тIаьхьа, тоьшалла до и бакъ хилар.

ГIуран-беттан 6-7-чу а деношкахь меттигерчу Iедало кхелхинчеран дай-наной тIебалийнера, дайинарш церан бераш хиларан тоьшаллаш дан.

Де-ши де даьлча тIемалойн барзакъ тIехь долуш, яххьаш лечкъийначу наха Соьлж-ГIалахь тIелеттачу гIаттамхойн гергарчийн чу а лелхаш, хIусамаш ягийна.

Интернетан машанашкахь «Мемориалан» белхахоша йина видео а, даьхна суьрташ а ду даьгна, овкъаршлахь лаьттачу цIенойн.

Церан хаамашца, ГIуран-беттан 6-чу дийнахь Гуьмсера Гехаев Юнусан цIа дагийна, церан воI гIаттамхойн могIаршкахь хиларца. Сатосучу хенахь, Iуьйре йохош, герзах боьттинчу, яххьаш лечкъочу наха, набарх доьзалера кегий бераш а дохуш, луьрачу омрица чуьра ара а баьхна, цIе тесна цIенойх.

ШолгIачу дийнахь Энгел-эвларчу КасумовгIеран неIаре бахана зуламхой-цIетасархой. Цу хIусамехь бехаш хилла тIехь да-нана доцу доьзал. Царех цхьаъ масийтта шо хьалха тIемалойх дIакхетта бохуш дуьйцу. Амма цуьнан дакъа байинчарна юкъахь карийна дац, хIетте а "бекхам" ца беш ца битина КасумовгIар.

Иштта, Янди-кIотарарчу ялх доьзалан цIенойх а цIе тесна зуламхоша. БайдулаевгIеран а, ШоваевгIеран а хIусамех а цIе тесна. «Мемориалан» хаамашца, церан доьзалшкара нах а бац байинчу гIаттамхошлахь.

Тахана дуьнено а юьйцу Нохчийчохь Iедало лелаен харцо. Дуьненаюкъара бакъоларъярхойн «Амнести Интернейшнл» юкъаралла а ю церан декъахь.

Бакъонашларъярхоша цхьабосса кхайкхамаш бо Кремле, гIаттамхойн гергарчарна "бекхамаш" бар дуьненаюкъара низамаш хьешар ду, бахархошна туьйсу кхерамаш, талла а таллий, динчу дIахьедаршна Кадыров Рамзан жоьпе озаве бохуш.

Маршо Радион къамел хилира «Мемориал» юкъараллан куьйгалхочуьнца Орлов Олегца. Цо иштта элира.

Орлов: «Нохчийчохь дуьххьара дац низам оццул дера талхош. Шен орме хьаьжча, зулам ду дийриг. Дийриг даржера нах бу. Ду кхузахь даржехь совбийлар а 286-гIа артикл шен уггаре луьрачу агIор, ду кхузахь зулам дан Нохчийчоьнан куьйгалхойн, шен Кадыров Рамзанан кхайкхар а. Зуламийн кочар ду-кх кхочуш деш. Оц у хьокъехь оха Талламан комитете кехаташ дахьийтина, Талламан комитето дов а айдина, бехктакхаме ийзо беза бехкеберш.

Халахеташ делахь а, тхо дика кхета, нагахь санна бехктакхаман гIуллакхаш айдахь а, иза дан дала а там бу, амма йолуш йолчу политикан системехь жоьпалле озалур бац-кх бехкенаш. Кхеташ ду, Кадыров Рамзан къелхьара а вохуш, и санна зулам дийраш хуьлуш бу лакхара федаралан куьйгалхой, шайлахь Владимир Путин а волуш. Цундела дерриг а низаме диллича, цхьа а маьIна доцче доьрзу».

Орлов Олегна хетарехь, ницкъа кел латтаде адам меттахдаьлча, цхьаъ нислур ду, цкъачунна иза а хила тарло ала битамаш а бац махкахь гуш.

Орлов: «Хаттар хIоттало, эшам хилларш шаьш кийча буй дуьхьало ян, арз дан? Сан кхузахь а ю яккхий шеконаш. Нах кхерийна бу, нах кхоьру, цара дендерг, максимум, шайца динарг дуьйцур ду. Аьрзнаш дан, яздан дукха хьолахь кхоьру, хIинца баьхьар бу я бац-м хаац, хьовсур-кха».

Ишшта къизачу таIзарехь халкъ латторах пачхьалкх толамехь хир ю аьлла а ца хета шена боху бакъонашларъярхочо.

Орлов: «Кадыров Рамзана дехха бехира, Нохчийчохь тIемалой бац, уьш эшийна. Цо Нохчийчохь тIемалоша дечух йолу информаци ара ца йолуьйтура, хIинца а ца йолуьйту, цхьана а хаамийн гIирсашка ца кхочуьйтуш. Тийна таьIна ехачу республикан сурт кхуллу, цхьа а тIемалой бисина а бац бохучуха.

Амма кху тIаьххьарчу хиламаша гайти, и дерриг а хаздина сурт дуйла, бакъдолчуьнца ца догIийла. Цуьнан тIемалошца къийсаран кеп, Iедалан террор латтор, иштта, хьалхарчу шерашкахь а санна цIенош дагор а, маьIна доцург ду. Дика ду, дагадо цо цIенош, бо бекхам, Iадор ву цхьа цхьаверг Нохчийн республикехь, амма оцо мукъарло ца ло тIемалой кхин тIелетар бац аьлла".

Орца тахана даьллехь а, Нохчийчоьнах доладечара тIемалойн хIусамаш ягош, церан гергарчаьрца гамонаш латтае дуккха а хан ю. 2009-чу шарахь ЮнусовгIеран цIенош дагийнера, церан 20 шо долчу йоIа тIамехь дакъалацарна бехке винчуьнца доьзал кхолларна.

КхидIа хIун ямартлонаш ларъян еза Iедалера а, цуьнан лаам, иза мел къиза белахь а, низамца гара болуш белахь а, кхочушбан аралелхачу ницкъахошкара а? И хаттар лаьтта тахана харцонна дуьхьало ян ницкъбоцчу могIархойн а, бакъоларъярхойн а коьртехь.

XS
SM
MD
LG