ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьне шен доза дехкар доьху Порошенкос


Украинан президента Порошенко Петрос юха а дехна Оьрсийчоьне шайн мехкан малхбалехь Iедалца тIемашкахь йолу оьрсийн оппозици тIекIаяр дитар а, шен эскарш цIехьадигар а. Цо кхойкху Кремл, шена машар а, махкара хьал толор а эшахь, Украинаца долу дозанаш Оьрсийчуьра дIаоьхучу эскаршна а, герзахошна а дехкаре.

И къамел Порошенкос дира еарийдийнахь Мельбурне кхаьчначохь. Австралин премьер-министра Эббот Тонис шен махкахой Украинах доглозуш а бу, цуьнан маршонехьа а бу, элира Порошенко Петроца къамел деш.

XS
SM
MD
LG