Еарийдийнахь Москох «Дозушдоцчу Газетан» пресс-центрехь бакъоларъярхоша Нохчийчохь гIаттамхойн гергарчийн цIенош дагор низамца ца догIийла хоуьйтуш, къамел дечу юкъанна, оцу чохь хиллачу массех нохчочо, маьттаза мотт а лебеш, хIоаш диттина «Къизаллана дуьхьалояр» цIе йолчу юкъараллан куьйгалхочунна Каляпин Игорна тIе. Хилларг довзуьйтуш видео яьккхина журналисташа.
ТIелеттарш муьлш бу цкъачунна хууш дац, боху хьостанаша.