ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полшин тIеман министр: Оьрсийн эскарш ду гергагIерташ


Полшин тIеман министра Семоняк Томаша дIахьедина, кху деношкахь оьрсийн эскарш алсамдевлла Балтина гергарчу лаьттанаштIехь, кеманаш – хIордачохь а, стигалахь а, аьлла. TVN24 телехьожийлехь бира цо и хаам. «Атлантикан тIеман альянсан декъашхо йолу Полша яц Оьрсийчоь тIелата тарлучу мехкийн декъахь, гарехь, оьрсий зуьйш бу альянсо муха тIеоьцу шайн ницкъаш вайна гергагIертар», - бохура Семоняка. Варшавано Iамеркан Штаташкара генна кхочу ракеташ эца сацамбар дозу регион кхерамах маьрша яцарца, элира тIеман буьйранчас. Польша шен стигал а, латта а Iалашдар чIагIдан дагахь ю 40 ракетаца а, кеманийн керлачу эскадрильешца а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG