ТIекхочийла долу линкаш

15 серб кхеле ийзаво Боснехь 150 стаг верна


20 шо хьалха тIом боьдуш шен махкара 150 маьрша вахархо верна 15 сербна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх айдина Боснин, ХIерцоговинан прокуратурано. ПIераскандийнахь цунах лаьцна дIахьедардеш цо хаамбина, Боснин къилбаседанехь Приедоре къоштахь дина цара зуламаш, аьлла.

Бехкебечу сербаша Зекови юьртахь бусулбанаш хьийзийна, байина, царна къоланаш дина, бахам хIаллакбина, боху прокуратурано. Шайлахь эпсарш а болуш, лаьцна ву 15-тте а зуламна бехкевийриг. Боснийхойн Зекови юьртахь набахти а хIоттийна, бойуш хилла бахархой. Цхьана оьрнашчу а хьоькхуш, къайладаьхьна хилла церан декъий тIемаш боьлхучу 1990-чу шерашкахь.

XS
SM
MD
LG